World News in Chechen

ХIирийчуьра зуда йийначунна дуьхьал гIуллакх долийна

Нохчийчуьрчу Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна 25 шо долчу меттигерчу вахархочунна дуьхьал, шена евзаш хилла зуда ерна шеконашкахь латточу. Соьлжа-гIаларчу талламчийн информацица, пIераскан буса оцу зуламхочо машен схьаяккхархьама урс диттина, йийна зуда, машенан долахо. Чевнех хьалха ца яьлла кхаа беран нана.


Шеконашца лаьцначуьнца шен "Лада-Калина" машенахь хьошалгIа еана хилла и зуда БуьритIера.


Зуда йийначул тIаьхьа, зуламан лараш йойуш, Заводской кIоштахь Сунжа хи чу кхоьсина цо зудчун дакъа. Масех сахьт даьлча, йийначун машенахь воьду жимстаг лаьцна хиллера полисхоша. Зудчун дакъа тIаьхьо карийна орцанхошна.


Карарчу хенахь кхелан а, медицинан а, биологин а, крминалан  экспертизашкахула чекхвохуш ву лаьцнарг.

Читайте на сайте