Ын Ким Ченца кеста цхьанакхета Iалашо ю Iамеркан президентан
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента тешам белла, шен Къилбаседа Корейн лидерца Ын Ким Ченца хиндолчу цхьанакхетаро пайдабохьур бу аьлла. Цу кепара дIахьедар дина цо шоьтадийнахь шен Къилберчу Корейн а, Японин а президенташца къамел хиллачул тIаьхьа. Твиттерерчу шен агIон тIехь Трампа хааме даьккхина, "Iаламат хаза къамел хилла шен" Ин Мун Чжеца аьлла. Ишта Абэ Синдзоца Къилбаседа Корейца шен йолчу планех а дийцина цо.
Германин канцлерца Меркель Ангелаца хиллачу цхьанакхетаран жамIаш дуьйцуш хIоттийначу пресс-конференцехь пIераскандийнахь Трампа дIахьединера, КНДР-н лидер "шен ловзарех ловзуш ву" аьлла ца хета шена. Трампа бахарехь, Ын Ким Ченца цуьнан цхьанакхетар хир ду гергарчу хенахь.
Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса а ша тешна ву аьлла, шина президентан дийцарша дика жамIаш гойтур ду аьлла.