World News in Chechen

Москох даздаршкахь дакъалоцу 20 стаг лаьцна полицино

Полицино Москох гIалин юккъехь лаьцна, Хьалхара Май даздеш хиллачу демонстрацехь дакъалоцуш волу 20 сов жигархо. Цунах лаьцна хаам бина "ОВД-Инфо" портало, дIалаьцначаьрна юкъахь йолчу юкъараллан жигахочунна Медведева Анастасияна тIе а тевжаш.


Цо дийцарехь, лецнарш бу психожигархойн ковранан декъашхой. Церан болам бу коьртаца лазарш долчу нехан проблемашна Iедалан тидам тIебахийта гIерташ.


Медведевас дийцарехь, лецначарна юкъахь бу заьIапхой а, кхетамца галбевллла нах а, ткъа иштта 2 кхиазхо а.

Читайте на сайте