World News in Chechen

Кортеж йоцуш ваха мега Путин шен инаугураце

Оьрсийчоьнан президент хаьржина волу Путин Владимир шен инаугураце ваха мега, Москох урамашкахула кортеж гонах хIоттийна а ца воьдуш.


Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, и мероприяти муха вовшахтухуш ю хуучу хьастана тIе а тевжаш.


Кортежах пайда ца оьцуш Путин юхавала мегаш хиларан бахьанаш хууш дац.


Президентан инаугураци хир ю кху беттан 7-чу дийнахь. Путина Кремле  а вахана йоьшур ю чIагIонан текст.


 

Читайте на сайте