World News in Chechen

Юсупов Iилман. Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг...

Юсупов Iилман

* * *

Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг

Мур а йоьлла, серло къедош Iа...

Атта керчи хьан аматийн уьйриг

Сан лехаман голаш тIера дIа.


Кхача гIерташ къайле йоцчу хайре,

Эрна шелби ахь сан ирсан бен:

Хьуна гур ма яц сан деган гIайре

Сан безаман хIорд жимбелча бен.


Къаръян гIортар хьан шеконийн гулар

Дарий сан и-м доггах даредар:

Хьоь cатийсар - дечиг-пондар булар,

Цуьнан мерзех шовкъо пIелг тасар...


Деган дилха Iовжо говза хилла

Хьан шийлачу дешнийн шокъалеш.

ТIаьхье йоцчу тIекеренийн хIилла

Хилла церан зов ма-хеззи, леш...


Хьуна лезна, дохкояьлла ойла

Те ца йича волий тIаккха цкъа:

Хьан са хилла - вастийн юкъарIойла,

Ма ца хилла и сан долахь цIа...


ТIе а юллий сингаттаман чкъуьйриг,

Ас сайн дагалецам буллу дIа...

Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг

Мур а йоьлла, серло къедош Iа...

Читайте на сайте