World News in Chechen

ГIажарийчоьно емал дина Израило Шема ракеташ еттар

ГIажарийчоьнан Iедалша емалдина Израило, тIеман объекташ туху аьлла, Шеман территорина тIе ракеташ а, бомбанаш а еттар.


ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дIахьедар дина, Шеман бакъо ю аьла "агрессина дуьхьало ян" аьлла.


Iамерко а, Евробарто а хьалха дIахьедар динера Израилан бакъо хилар Шеман пачхьалкхара схьалучу агрессина дуьхьало ян .


Евробарто а, Францино а, Германино а кхайкхийна Израиле а, ГIажарийчоьне а дов марса даккха гIертар дитаре.


Цу тайппа кхайкхамца дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретаро а.

Читайте на сайте