World News in Chechen

Каирера Москох деанчу кемантIера лаьцна зуда маьршаяьккхина

Еарийдийнахь Каирера Москох кхаьчначу кемантIера охьайоьсина Дагестанера берийн нана Байсултанова Сакинат 12 сахьтехь сов дозанхоша лаьцна а латтийна, маьршаяьккхина.


"Маршо Радионо" хаамбира, Мисарарчу Iедалхоша депорт йина, Iуьйранна  Къилбаседа Кавказерчу 17 вахархочуьнца Москохарчу Шереметьевн аэропорте схьакхаьчначу хенахь иза дIалацарх. Кхи а Оьрсийчоьнан 8 вахархо вуьсу "Матар Кадим" олучу Каирерчу аэропортан депортацин набахтехь.


Хеттарш динчул тIаьхьа, оццу дийнахь Москохара ХIинжа-гIала дIаяха билет оьцург дIахецна Байсултанова, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале зудчун гергарчара а, "Мемориалан" адвокато Магомедова Розас а. Эцна билет дIагайтинчул тIаьхьа, араялийтина Байсултанова, гергарчара дийцарехь.


 


 

Читайте на сайте