Скрипаль Сергей дарбан хIусамера араваьккхина
ГРУ-н хилла эпсар Скрипаль Сергей Солсбери гIаларчу дарбан хIусамера араваьккхина аьлла, хаамбина Британин хаамийн гIирсаша. Скрипаль а, цуьнан йоI Юлия а кхетамчохь доцуш карийнера Солсбери гIалахь ши бутт хьалха. "Новичок" цIе йолчу дIавшца и шиъ ден гIоьртинера.
Британин къайлахчу сервисаша Оьрсийчохь кечдина ду аьллера лелийна дIавш. Москоха тIе ца дуьту ша гунахь хилар.
Британин къайлахчу сервисаша Оьрсийчохь кечдина ду аьллера лелийна дIавш. Москоха тIе ца дуьту ша гунахь хилар.