World News in Chechen

Lada Priora кхин йийр яц "АвтоВАЗехь"

"АвтоВАЗо" шен конвейер тIера дIайоккхуш ю Lada Priora автомашен, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза хир ду Марсхьокху-баттахь.


Priora йоцург ВАЗ-о йийр яц  кхин Lada Granta а, Lada Kalina а.  


"Кавказ.Реалиино" яздарехь, Дагестанехь кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь йоьхкинчу автомашинех 60 процент яра Lada-наш. Цу гайтамехь и республика хьалхара меттиг йоккхуш ю Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь.  

Читайте на сайте