World News in Chechen

Титиевна накъосталла деш пикеташ хилла Москох

Москох Оьрсийчоьнан президентан администрацин гIишлонна хьалха шайн накъостана "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбана гIортор еш цхьалха пикеташ дIаяьхьна бакъонашларъярхоша.


Дечкен-баттахь Нохчийчохь лаьцна волу Титев чувоьллина ву Мангал-беттан 9-гIа де тIекхаччалц. Титиевн гIо лоцу агIо тIера ца йолу и гIуллакх харц кхоьллина ду бохучунна.


Дуьненаюкъарчу коьрта бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла.

Читайте на сайте