World News in Chechen

Нохчийчохь уггаре дукха оьцу машен ю Toyota Camry

ЦIена машенашна юкъахь Нохчийчохь уггаре дукха оьцург ю Toyota Camry, хаам бо Daily-Motor.Ru сайто. Кхушеран хьалхарчу беа баттахь республикехь йоьхкина 259 и тайпа машен.


ШолгIачу меттехь ю  "АвтоВАЗо" арахоьцуш йолу Lada Vesta (222). КхоалгIачу меттехь ю Товбеца-баттахь дуьйна конвейерера дIайоккхуш йолу Lada Priora (216).


Daily-Motor зорбанан гIирсо бинчу хаамца, кхушеран 4 баттахь лелийна 3 эзар 430 Lada Priora а, 1 эзар 85 Ford Focus а, 910 Toyota Camry а йоьхкина Нохчийчохь.   

Читайте на сайте