World News in Chechen

Страсбургерчу кхело 2 миллиард евро даьккхина Оьрсийчоьнера

Европан адамийн бакъонашкахула кхело 20 шарахь 2 миллиард гергга евро даьккхина Оьрсийчоьнера. Дукхачу хьолехь Оьрсийчуьрчу Iедалша дохош хилларг ю бакъонца кхелехь девнаш листа шайн махкахойн йолу бакъо а, ткъа иштта ницкъ бар дехкар а.


Цу тайпа хаамаш арахецна шен дIахаийтарехь "Юкъараллан  вердикт" (Общественный вердикт) фондо.


1998-чу шарахь дуьйна берриг а Страсбургерчу кхеле кхаьчна 148 эзар латкъам. Царах 136 эзар листа тIеэца мегар доцуш лерина кхело.


И таллам бина Европан адамийн бакъонашкахула кхелан юрисдикци Оьрсийчоьно лара йолийна 20 шо кхачарна тIебоьгIна.


Европан адамийн бакъонийн конвенци болх беш ю Оьрсийчохь 1998-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь дуьйна.


2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан Конституцин суьдо сацам бира, шайн Iедалан бакъо ю Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина тIеэцамаш кхочуш ца бан, нагахь уьш "конституцин кепийн бухера барамаш бохош белахь.

Читайте на сайте