World News in Chechen

Венедиктов: Бабченко вер нохчашна хьашт дара

Оьрсийн журналист вен хьашто нохчийн хилла хила тарло аьлла "Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс, хаамбо "Lenta.ru-н" хаамех пайда а эцна "ДС" гIирсо. Венедиктовс бахарехь, Бабченко дагахь дерг дIаолуш а, шен мостагIий а, доттагIий а къасто ца хууш а стаг вара.


"Шен лаамехь  Нохчийчу вахана, тIемаш бина ву иза. Украинехь тIом иккхича украинхошкахьа а ваьлла, церан эскархошлахь лаьттина а ву иза". – аьлла цо.


Иштта цу шина а тIемашкахь Бабченкон мостагIий хилла бу нохчий аьлла Венедиктовс.


"Донбассехь а бара уьш берриш а, куьйгаш цIийх дуьзна, автоматашца нах", - тIетоьхна Венедиктовс.


Оьрсийн журналист Бабченко Аркадий вийна Киевехь оршотдийнахь.  Официалан дIахьедарца, букъах герзаш диттина вийна 1977-чу шарера, тIаьххьарчу хенахь гIирмахойн-гIезалойн телеканалехь болх беш хилла Бабченко. Оьрсийчоьнан Iедал аьшнаш деш дуккха а материалаш зорбане йохура журналисто.

Читайте на сайте