World News in Chechen

Шемара батальон юхайирзина Нохчийчу

ТIеман полицин батальон Шемара Нохчийчу юхаеана. Масех баттахь шайна тIедехкина лерина декхарш кхочушдира полисхоша, хааме даьккхина "ЦIен седа" ("Красная звезда") хаамийн гIирсо.


Оьрсийчоьнан тIеман полицин Коьртачу урхаллан куьйгалхочун гIовса, инарла-майора Кох Виталийс дIахьедина: "Уггар ладаме дерг, декхарш кхиамца кхочушдина ца Iаш, шайлахь эшам а боцуш и батальон юхаерзар ду", аьлла.


250 тIеман полисхочунна совгIаташ дина Шемара юхабирзича.


 


 


 

Читайте на сайте