World News in Chechen

Уггаре кIезиг машар безачу пачхьалкхашна юкъахь ю Оьрсийчоь

Машаран а, экономикан а институто кечйина кху дуьнентIерчу пачхьалкхашна юкъахь "Машар безаран индекс".


Цу талламца а догIуш, машар безарца 154-чу меттехь ю Оьрсийчоь. Стохка хиллачуьнца дуьстича цхьана пунктана охьаяьлла иза.


Индекс хIоттош ю пачхьалкхехь дайинчу адамийн терахь а, махкарчу полисхойн а, эскархойн а терахь а, ткъа иштта герзана дойучу ахчанан барам а бухе а биллина.


Цу талламан жамIашца, Оьрсийчоь тIаьххьара 10 меттиг дIалаьцначу пачхьалкхашца ю, шайна юкъахь Юккъерчу Африкан республика а, Конго а, Ливи а, Йемен а, Сомали а йолуш. 


Украина ю 152-чу меттехь, машар безар "вуно лахара" аьлла мах хадийначу Туркойчоьнна а, Къилбаседа Корейна а гергахь.


Юккъерчу барамехь машар беза аьлла, мах хадийначу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Шаташа дIалаьцна 121-ра меттиг. Иза а, ткъа иштта Оьрсийчоь а, Китай а уггаре дукха герз духку пачхьалкхаш санна билгалъяьхна ю. 


Уггаре машар безачу пачхьалкхашна юкъахь ю Исланди а, Керла Зеланди а, Австри а, Португали а, Канада а, Австрали а.


Машаран а, экономикан а институто билгалдаккхарехь, кху дуьнентIехь машар безаран юкъара тIегIа лахлуш долу кхоалгIа шо ду.  

Читайте на сайте