World News in Chechen

Дахаран некъаш*

Дахаран некъаш*


Малхбален цхьана паччахьна адаман дахаран некъ берриг а бовза лиъна. Хьекъалчас пхи бIе киншка еана цунна. Пачхьалкхан гIуллакхаша хан дIалаьцна волчу паччахьа мелла а дацдина йозанаш да аьлла юхавахийтина и. 

Ткъа шо даьлча юхавеана хьекъалча: шовзткъе итт жайна хилла цо деанарг. 

Амма оццул дукха жайнаш деша къена хилла паччахь, юха а дIавахийтина цо хьекъалча. 

Кхин а ткъа шо даьлла… Къоьжа хьекъалча юхавеана, дерриг а дахаран хьекъал цхьана жайне а дерзийна. Амма паччахь Iожаллин меттахь хилла. 

ТIаккха хьекъалчас цхьана могIарца довзийтина цунна и: «Стаг дуьненчу а волу, бала а хьоьгу, вала а ле»…

 

Читайте на сайте