World News in Chechen

ФИФА-н рейтингехь вуно ледар ю Оьрсийоьнан футболан тоба

Дуьненаюкъарчу футболан федерацин (ФИФА) рейтингехь уггаре а ледара ю Оьрсийчоьнан футболан тоба. Цо дIалоцуш ю 70-гIа меттиг.


Хьалха хиллачу версица Черчесов Станислава куьйгалла дечу футболхоша дIалоцуш яра 66-гIа меттиг. Цу рейтингехь уггаре дика жамI гайтина Оьрсийчоьно 1996-чу шарахь - 3-гIа меттиг.


ФИФА-н рейтинган хьалханча юьсуш ю карарчу хенахь дуьненан чемпион йолу Германин футболан тоба. ШолгIачу меттехь бу бразилхой, кхоалгIа меттиг дIалоцуш бу Белгин къоман тобан футболхой.

Читайте на сайте