World News in Chechen

"Талибан" реза хилла Марха достуш тIом сацо

ОвхIанистанехь "Талибан" тоба реза хилла Марха достучу кхаа дийнахь, тIом а сацийна, Iедалшца машаран маслаIат дан. Цунах лаьцна хаам бо цу махкарчу зорбанан гIирсаша.


Кху беттан 7-чохь ОвхIанистанан президенто ГхIани Ашрафа махкахь дIакхайкхийна цхьана ханна герзаш деттар сацоран раж. Иза сатесна вара тIемаш совцо аьтто хила мега Мангал-беттан 11-чохь аьлла.


Ашрафа маслаIат кхайкхадале, парламентан харжамаш тIекхочуш а болуш, ОвхIанистанан Iедалша чIагIбинера тIалибашца шаьш дIахьош болу къийсам. Талибанан декъашхой дагахь бац парламентан харжамашкахь дакъалаца.

Читайте на сайте