World News in Chechen

СагIа дехарна дуьхьал къийсам болийна ГIалгIайчоьно

Юкъараллехь цадогIург лелорна дуьхьал пропаганда йолийна ГIалгIайчохь аьлла бу мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина хаам. Кху шеран пхеа баттахь Малгобекан кIоштахь кхо меттиг билгалбаьлла кхиазхой сагIа деха юкъаийзош. Бехкзуламан гIуллакхаш прокуратурано листинчул тIаьхьа кхеле хьовсор долуш ду.


Мархийн Рамадан баттахь Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь сагIадоьхурш алсамбовлар тидаме эцна Iедалхоша.

Читайте на сайте