World News in Chechen

Нохчийн полиглотна петар елла Кадыровн фондо

Нохчийчуьрчу дукха меттанша хуучу Эскаев Артурна чохь Iен хIусам елла махкарчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Соьлжа-ГIалин мэро Хучиев Муслима а, полицин куьйгалхочо Кадыров Хас-Мохьмада а дIаделла Эскаевга чохь мел оьшу йийбар хIоттийначу петаран догIанаш. ВКонтактерчу шен пена тIехь Кадыров Рамзана бина и хаам.


"Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь хIусам йохийна, чохь Iен меттиг йоцуш висинера Эскаев. Иза хиъначу фондан президенто Кадырова Айманис тIедиллира, цунна хIусам ялар", - аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо.


36 кхечу пачхьалкхийн меттанаш хууш хиларца гIараваьлла Эскаев. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь ингалсан мотт хьоьхуш ву иза ша юкъаяьккхинчу методикаца.


 


 

Читайте на сайте