World News in Chechen

"Мемориалан" офисе полисхой баьхкинера, Титиевх лаьцна спектакль йирзича

Кхаарин суьйранна Титиев Аюбах лаьцна спектакль йирзинчул тIаьхьа хьовсархой чуьра ара а баьхна, "Мемориалан" офисах хьоьвсина полисхой, чохь бомба ю йоьллина аьлла, хаам кхаьчна шайга аьлла. Информаци бакъ ца хиллера аьлла бакъонашларъяран центран белхахоша.


Маршо Радионо яздира, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочух Титиев Аюбах лаьцна гайта спектакл кечъеш хиларх. Кхаарин суьйранна YouTube-хь хьажа таро яра цуьнга Москохарчу хенаца - суьйранна ворхI сахьт даьлча.


Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву бакъонашларъярхо Титиев Аюб, наркотикаш бахьанехь. Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а полисхоша марихуана цунна тесна ю боху.


Титиев дIахецар доьхуш, кхайкхамаш бира Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а политикаша.


Оршотдийнахь дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацин жигархоша Белгерчу Оьрсийчоьнан векалтан керта 100 футбол лозу буьрка кхоьсира #JusticeForOyub (Аюбана нийсо) аьлла, тIеяздина.

Читайте на сайте