World News in Chechen

Украинехь лаьцна Дудаевн цIарах хиллачу батальонан эскархо

Украинерчу Николаев гIалан кхело 40 денна талламан изоляторе хьажийна Нохчийчуьра схьаваьлла волу 46 шо долу Тимаров Мовла. Иза дIаьвоьхуш ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии корреспонденте хаам бина нохчочуьнан адвокато Гриненко Татьянас.


Цо дийцарехь, Тимаров эскархо ву Дудаев ЖовхIаран цIарах хиллачу Украинерчу Донбассехь тIом бинчу батальонан. Оьрсийчоьнан Iедалша цунна бехке дуьллург ду 0,53 грамм героин дохка гIортар. И зулам цо дина хилла боху цара 2007-чу шарахь Нохчийчохь. Ткъа дуьненаюкъарчу лехаме велла хилла Тимаров 2012-чу шарахь, иза Украинехь вехаш волуш.


Вдвокато Гриненкос чIагIдарехь, Нохчийчохь Тимаровх, шайн агент а вина, пайда эца гIоьртина хилла Оьрсийчоьнан къайлаха гIуллакхийн белхахой, ткъа иза реза ца хилча долийна наркотикех лаьцна бехктакхаман гIуллакх.


Дудаев ЖовхIаран цIарах нохчийн батальон, Мунаев Iийса, иза кхелхича Осмаев Адам коьртехь а волуш, тIом беш яра 2014-2016-чу шерашкахь. ХIинца а йолуш йолу ЧIеберлойн Муслима куьйгалла дон Шайх Мансуран цIарах батальон кхоьллина 2014-чу шарахь.

Читайте на сайте