World News in Chechen

Абдулатиповс харцдина шен ваша лацар

Дагестанан куьйгалхо хиллачу Абдулатипов Рамазана харцбина шен ваша Раджаб Москох аэропортехь лаьцна аьлла баржийна хаам. Иза шеца ву Ломан Алтайхь, боху цо.


2006-2016-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла волу, цу республикан Халкъан Гуламан депутат Абдулатипов Раджаб махках волуш ФСБ-н белахалоша лаьцна аьлла, хаам баьржинера "Интерфаксо" шинарин дийнахь.


Ткъа хIинца Абдулатипов Рамазана и хаам баржийнарш цунна вониг лууш болу нах бу аьлла, оццу "Интерфакс" агенталлана интервью луш.  

Читайте на сайте