World News in Chechen

ЧIагIаран заводехь ши дакъа карийна Дагестанехь

Дагестанехь Сабнова эвларчу чагIар доккхучу заводехь ши дакъа карийна, хаам бо Кавказ.Реалиино республикерчу таламан урхаллан векалшна тIе а тевжаш.


Зудчуьнан а, стеган а декъий Iохкуш хилла чагIарна тIетуху кочалла йолчу чермана чохь.


Талламхойн версица, цу шинан садукъаделла евзаш йоцу газ бахьана долуш. Таллам дIахьош бу.

Читайте на сайте