World News in Chechen

Соьлжа-ГIалин керла мэр ву

Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран мэран декхарш ханна кхочушдан хIоттийна мехкан куьйгалхочун йишин кIант Закриев ИбрехIим. Шен Телеграм-каналехь бина и хаам Кадыров Рамзана.


Соьлжа-ГIалин думан кхерчахь дIаяьхьначу кхеташонехь къастийра гIалин мэран даржехь Хучиев Муслима шен декхарш кхочушдар хенал хьалха сацор а, иза премьер-министран гIента дехьаваккхар а.


"Депутаташа декъалвира Хучиев Муслим, цо бинчу балхана даггара баркалла а олуш. Шахьаран мэран декхарш ханна кхочушдийр ду Закриев ИбрехIима, тахханалц министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс лаьттина волчу", - аьлла, яздина Кадыровс.


Закриев ИбрехIим Кадыров Рамзанан йишин Зулайн кIант ву.


 


 

Читайте на сайте