World News in Chechen

Теракт дан кечдарх хаам ца бина аьлла, таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Дан кечлучу зуламах хаам ца бина аьлла, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело листина А. Мохьмад- Салахьна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. Кхелахоша чIагIдарца, терроран кепехь доккха зулам дан кечамбарх шена хуъушшехь, полицига дIа ца хаийтина хилла цо.


Прокуроран позицина тIе а тайна, Мохьмад-Салахь бехке лерина гIуллакх, кхи дIа къасто Хьалха-Мартанарчу кхеле дIахьажийна.


 

Читайте на сайте