World News in Chechen

Шен цIийндас дина зулам къайладахьа гIоьртина зуда лаьцна

Шен хIусамдена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх ца даккхийтархьама кхаъ бала гIоьртина 27 шо долу жима зуда лаьцна полисхоша. Гуьмсерчу талламхойн декъо бехкзуламан гIуллакх даьккхина меттигерчу яхархочунна дуьхьал, лакхарчу даржхочунна кхаъ бала гIортарна.


Куьршаларчу полисхойн декъан хIусам чохь, хьаькаман стоьл тIе 30 эзар сом охьадиллина хилла зудчо, шен хIусамдас дина зулам къайлахьуриг аьлла, яздина ду Нохчийчоьнан прокуратуран сайт тIехь. ГIуллакх кхи дIа а толлуш ду ницкъахоша.

Читайте на сайте