World News in Chechen

Банкан белхахочунна 10 шо гергга хан тоха тарло

Нохчийчохь банкан белхахо бехкево 15 миллион пачхьалкхан ахча къайладаккхарна. Бехкеве М.Заур дIалоцуш талламхойн сацамна куьйгяздина прокуроро. Коьртачу говзанчан даржехь волчу цо цхьана хенахь кредиташ эцначу веа стага банкна юхаделла 15 миллион 609 эзар сом схьаэцна хилла. Кредиташ дIа ца къовлуш, оцу белхахочо ахчанна хьуламбина, талламчаша дийцарехь. Шеконашка эцна и стаг, гIуллакх толлучу заманчохь къайлаваларна, я шен тешашна кхерамаш тийсарна, гIуллакх толлучу юкъанна иза лоцуш сацам бина талламахоша.


Итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу банкан говзанчана, нагахь бехк хилар тIечIагIдахь.


 


 


 

Читайте на сайте