World News in Chechen

Уггаре цIена хIо ду боху Нохчийчохь

Оьрсийчохь жил-Iалам, дахаран хьелаш тергонехь латточу Роспотребнадзор урхалло хIоттийначу рейтингехь уггаре цIена хIо долчу регионийн могIарахь ю Нохчийчоь а, Магаданан мохк а.


Хьал зуьйш, хIо теллина регионийн гIаланашкахь а, ярташкахь а. Дика хIо латтарца хьалхарчу итт регионашлахь ю Камчатка, Алтай, ГIалмакхойчоь, Карели, Мордови, Кхарачой-Чергазийчоь, Новгородан, Смоленскан, Амуран, Архангельскан мехкаш.


Роспотребнадзоро бечу хаамца,  уггаре боьха хIо ду Бурятехь.


Оьрсийчоьнан коьрта шахьар Москох I3-чу меттехь ю.

Читайте на сайте