World News in Chechen

Кху йовхонехь хинан къоьлла ловш бу гIалгIай

Еаридийнахь хинан биргIанаш лилхинчул тIаьхьа Несарарчу беа урамера нах хи доцуш бисина, хаамбо мехкан Iедалхоша. Несаран мэро Тумгоев Алихана кхайкхамбина бахархошка, собаре хиларе доьхуш, яздо "Интерфаксо". ПIераскандийнахь а хинан проблема ерзийна аьлла, бина хаам бац я мэрин, я орцан министраллан сайташкахь.


Маршо Радионо яздира, социалан машанашкахь ГIалгIайчоьнан бахархоша шаьш хица хьоьгучу баланах даржорах. Цара чIагIдарца, тIаьххьарчу 20 шерашкахь хIора аьхка хинан къоьлла лан дезаш хуьлу уьш. Кху шарахь а ши кIира сов зама ю цхьа могIа ярташка хи ца кхочу, дийцина "Кавказан узел" агенталле меттигерчу бахархоша.

Читайте на сайте