World News in Chechen

Оьрсийн бахархошлахь дукха къаьркъа муьйлурш - болх беш боцу пенсионераш

Балхара цIахь севцначу пенсионераша къаьркъа алсам молу, тахана белхан меттигашкахь къахьоьгучарел а аьлла геронтологин  Iилман-клиникан центран зерашна тIе а тевжина, Оьрсийчоьнан могушаллан министраллан коьртачу гериатро Ткачева Ольгас. 55-64 шерашкарчу зударшлахь а, 55-64 шаре бевллачу божаршлахь а бинера и таллам.


"Долчу жамIашца, кхозза сов ду маларш муьйлучу балхахь боцучу пенсахойн терахь, иштта 4, 6 терахь гойту депрессехь болчийн", - аьлла, хаамбина Ткачевас.


Иштта цо билгалдаккхерхь, "55 процентна депрессех Iалашвийриг - болх бу".


Байначу баттахь пачхьалкхан Думано низаман проект тIеийцира пенси воьду хан хьалаойуш. Change.org сайт тIехь 2 миллион 724 вахархочо пенсин реформина дуьхьал петицина куьйгяздина.

Читайте на сайте