World News in Chechen

Туркойчоьнан президентан инаугураци йоьду Оьрсийчуьра делегаци

Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Реджепан инаугураци йоьдучу Оьрсийчоьнан делегацин коьртехь хир ву премьер-министр Медведев Дмитрий. Министрийн кабинетан сайтехь бина и хаам.


Оршотдийнахь Москохарчу хенаца суьйранна 4 сахьт даьлча хир болуш бу барам. Иштта церемонехь дакъалоцур ду Жириновский Владимира а, яздо "Керланаш" агенталло.


Байначу беттан 24-чохь хенал хьалха дIабехьира туркоша президентан харжамаш. Дукхахдолу кхаьжнаш кхечира президентан даржехь волчу ЭрдогIанна.


Харжаман жамIаш демократин толам бу, Туркойчоьнан 81 миллион бахархойн толам бу и аьлла, билгалдаьккхира ЭрдогIан Реджепа.

Читайте на сайте