World News in Chechen

Чехехь фестивалехь шена делла ахча тутмакхашна дала сацамбина оьрсийн журналисто

Карловы Вары гIалахь дIайоьдучу 53-чу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь совгIат кхаьчначу оьрсийн режиссеро Стишова Елизаветас шена делла 15 эзар евро ахчан совгIат Сенцов Олеган а, Серебренников Кириллан а дайшка а, наношка а дIакхачор ду ша аьлла.


Кхо совгIат делла оцу кинофестивалехь Оьрсийчуьрчу режиссерашна. Фестивалан тIаьххьарчу дийнахь йистхуьлучу Стишовас ша гIо лацар дIахаийтина кхеле хьоьжучу Серебренниковна а, ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, набахте хьажийначу Сенцовна а.


"Сулайма-лам" кино йоккхуш шаьш даьхна декхарш дIадалаза делахь а, совгIатна шена делла ахча цушиннан дайшка а, наношка а дIакхачор ду ша аьлла режиссеро.

Читайте на сайте