World News in Chechen

Депутатан ахча даьхьнарш лоьху полисхоша

Кху деношкахь Москох йиттинчу Пачхьалкхан Думан депутатан Жигарев Сергейн хилла езар 24 шо долу Казанера модел Синтюрева Ольга лаьцна полисхоша. Талламхойн версица, шен тIехьийзачу Нохчийчуьрчу Тимурца юкъахь ахча даьхьна хила тарло цо Жигарев соцучу отелерчу сейфчуьра.


"Марриот" отелан хIусамчуьра 30 миллион сом а, 1500 эзар долларш а даьхьнарг и шиъ дуй хьовсуш, толлуш ду полисхоша, яздо Life.ru хьостано. ХIиттийначу камераша гойтуш ду Ольгех а, Тимурах а тера зудий, стаггий.


Маршо Радионо яздира, кIирандийнахь Москох мила ву цахуучо йиттина пачхьалкхан Думан депутатна Жигарев Сергейна, шен евзачу зудчуьнца машен чохь иза хиина Iачу заманчохь аьлла.


"Московский комсомолец" газетано дийцарехь, Нохчийчуьра Тимур цIе йолу стаг хиллера депутатах леттарг.

Читайте на сайте