World News in Chechen

Германи Оьрсийчоьнца тIех дика хилар ца тов Трампна

Iамеркан Штатийн президенто бехкбаьккхина Германига, иза тIех сов йозу Оьрсийчоьнах, аьтто бо цунна бахам кхион, массарел дукха оьцу цуьнгара газ, мехкдаьтта, аьлла. Цу тIе, Германина кхерамзалла латтайо Атлантикан альянсо, иза цуьнан декъашхо хиларе терра, цундела Берлин декхаре ю ша НАТО хьажош долу ахча совдаккха, аьлла Трамп Доналда Брюсселехь йоьдучу альянсан саммитехь.

Читайте на сайте