World News in Chechen

СПИД яьржина Оьрсийчохь

Стохка дуьйнна Москох иммунодефицитан (СПИД) цамгар яржар лакхадаьлла  20 процентна. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хIора шарахь арахоьцучу статистийн тептар тIехь ду и терахьаш, яздо РБК агенталло.


Шина регионехь 100 проценте кхиина цомгушчийн барам. Чукоткехь 152 процент, Тувахь 133. Тамбовн кIоштахь а, Марий Эл, Карелин республикашкахь а, Ивановон кIоштахь а 50 – 66 проценте дистина терахь.


СПИД цамгарна дуьхьал къийсам латточу Федералан центран куьйгалхочунна Покровский Вадимна хетарехь, ВИЧ-ун даржар доьзна ала тарло кIорггера талламбан аьтто баларца, амма, цо бахарехь, коьрта бахьана – Iедало оцу проблемина кIезиг терго яр ду.


ТIаьххьарчу пхеа шерачохь официалан дIахьедарца, иммунодефицитан (ВИЧ) цамгар кхетта ву миллион сов вахархо.


Росстатан зерашца, 2016-чу шарахь СПИД-ах велла 35 эзар стаг.

Читайте на сайте