World News in Chechen

Наркотикашца доьзна 384 гIуллакх диллина Нохчийчохь

ТIаьххьарчу эхашерачохь Нохчийчохь наркотикаш лелийна аьлла, 384 гIуллакх диллина. Прокуратуран зерашца, кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна байначу батте кхаччалц дерриг а наркотикашца а, психотропан молаханшца а доьзна 384  зуламан гIуллакх ду айдинарг.


Оцу юкъанна наркотикаш юхку 28 стаг ву кхеле валийна. Ерриг а цаьргара схьаяьккхинарг ю 15 кила.







Бинчу талламмийн зерашца наркотикаш юхкуш лаьцначу 27 стеган а, баккхийчу барамашкахь Iалашъеш хиларца гучуваьллачу 53 вахархочун а довхоттуш ду.


 


 


 

Читайте на сайте