World News in Chechen

Газ иккхина 4 кIорабаккхархо велла Гуьржийчуьрчу шахтехь

Бохам хилла Ткибули гIалахь йолчу «Миндели» шахтехь. Метан олу газ а иккхина, цигахь вийна 4 кIорабаккхархо. Кхин а 6 белхало вагийна ву.


Адамаш далар бахьана долуш тезетан де кхайкхийна Гуьржийчохь. Тбилисехь а, Кутаисехь а парламентан гIишлошна тIехула охьаяхийтина ю пачхьалкхан байракхаш.


Хилларг таллалц цу гIалара шахташ дIачIагIа аьлла, омра дина премьер-министро Бахтадзе Мумукас.

Читайте на сайте