World News in Chechen

Колонехь шайна еттарна латкъам бина ГIирмерчу тутмакхаша

Оьрсийчоьно нуьцкъала дIалаьцначу ГIирмехь Керч гIаларчу номер 2 йолчу колонехь хан токхучу 70 сов тутмакхо латкъам бина, администрацин белхахоша шайна етта аьлла.


Цара дийцарехь, тутмакхашна ницкъ бо видеокамераш йоцучу чоьнашна чу а буьгуш. Царна юкъахь ю хадечу декъан чоь а, гIуданан изоляторе вуьгуш таллам бо чоь а, цхьацца колонин хьашташна оьшург латтон чоьнаш а.


Чубоьхкинчарна етташ а, уьш хьийзош а даима а дакъалоцуш хуьлу номер 3 йолчу тобан коьрта гIуллакхдархо Фомин Михаил а, карантинан декъан коьрта гIуллакхдархо Энвер-оглы Бекир Ахмет а.


ХIора денна етташ хьийзош шаьш хиларна, ша шена тIе куьг дахьа а гIоьртина цигахь ши тутмакх.


Прокуратуро таллам болийна колонехь.

Читайте на сайте