World News in Chechen

Титиевн дов хоттуш лебина тешаш

Шеларчу гIалан кхелехь Титиев Оюбан дов толлуш хиллачу кхеташонехь лебина тешаш. Теш ву аьлла цига валийнера бакъонашларъярхо дIалоцуш болх беш хилла 7 полисхо.


Титиевн адвокато чIагIдарехь, церах цхьанге а жоьпаш ца даладелира шайга суьдо динчу хаттаршна.


Масала "Новая газете" адвокато Заикин Петр дийцарехь, тешашна ца хаьара полисхойн машен хьанна тIе язйина ю а, цуьнан тиллина цIе муха ю. Тешаша хIораза а олуш хилла "дага ца догIу".


Кхин а гучудаьлларг ду цу тешашна Титиев дуьххьара гуш хилар. Бакъонашларъярхочуьнан адвокатана Тарасова Галинина хетарехь, и нах тешаш санна кхеле балор доьзна ду бехкевечунна дуьхьал тоьшаллаш деш дуккха а нах бара аьлла сурт хIотто гIортарца.

Читайте на сайте