World News in Chechen

Iожалхочо динчу эккхийтарехь 40 стаг велла Шемахь

40 гергга стаг велла, кхин а оццул лазийна Шемарчу Эс-Сувейд гIалахь а, цунна гергарчу ярташкахь а динчу лелхийтаршкахь. Шеман пачхьалкхан хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, Рейтерс агенталло бина и хаам.


Террорхоша-Iожалхоша дина лелхийтарш. ГIалин базарна уллохь нисделла цхьа эккхийтар.


Хетарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано дина и зуламаш.


 


 

Читайте на сайте