World News in Chechen

Нохчийчоь билгалъяьлла бераш дуьненчу дукха довларца

Оьрсийчоьнан Росстатан статисташа рогIера демографин терахьаш хааме даьхна. Цара бахарехь, йоллу Оьрсийчуьрчу регионашлахь Нохчийчоь цхьаъ ю бераш дуьненчу дукха довларца билгалъяьлла.


"Стохка Нохчийчоь йоцчу Оьрсийчоьнан боллу мехкашкахь бераш даран терахьаш лахара гойтура", - аьлла ду Росстато шен официалан сайтехь динчу йозанехь.


Статистийн зерашца, стохка Нохчийчохь дуьненчу даьлла 31 355 эзар бер.


 


 

Читайте на сайте