World News in Chechen

Къилбаседа Кавказан курорташ кхио 18 миллиард ахча луш ду

Къидбаседа Кавказера "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ кхио федералан бюджетера 18 миллиард гергга ахча билгалдаьккхина. "Къилбаседа Кавказан курорташна" инвестицеш кхачош кхаа шеран план тIечIагIйина Оьрсийчоьнан Iедалхоша. 2010-чу шарахь кхоьллина ю "Къилбаседа Кавказан курорташ" пачхьалкхан компани Оьрсийчоьнан Къилба регионашкара туризм кхиорхьама.


Компанино урхалла латтадо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "Эльбрус", ГIалгIайчуьрчу "Армхи", Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Мамисон", кху Iай схьайиллинчу Нохчийчуьрчу "Ведучи" курорташна тIехь.

Читайте на сайте