Лаьцна Москох полисхочунна тIелатар дина нохчо
Москох полисхочунна тIелатар дина жимстаг лаьцна аьлла, хаамбо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьосташна тIе а тевжаш, "Керланаш" агенталло. Полисхойн декъе дIавигина жимстаг талламаш дIабахьа.
Хьалхо хаамбира, Москох полисхочунна тIелатар дина, уьрсаца чевнаш йина Нохчийчуьра схьаваьллачу 17 шо долчу Бериев Илеса аьлла.
ПIераскандийнахь хилла и инцидент.
Словакин векалтна гергахь 30 шо долчу полицин капитанна урс диттинера жимчу стага. Чевнашца дарбан цIийне валийнера полисхо.
Бериевна дуьхьал зуламан гIуллакх диллина, талламаш дIаболийна.