World News in Chechen

Индонезехь мохкбегийча 91 стаг велла

Индонезехь Ломбок гIайре тIехь мохкбегийча велла 91 стаг велла, бIеннашкахь бу чевнаш хилларш. Зен динчийн терахь кхиа тарло аьлла хета орцанхошна.


6, 9 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш, мохкбегоро дохийна цIенош, дIаяьккхина ток. Луларчу Бали гIайре тIехь а а хаабелла мохк бегош. Iедалхоша кхерамечу меттигашкара арабохуш бу нах.


Байначу беттан 29-чохь кхечу гIайре тIехь а мохкбегийна велира 17 стаг, бIеннашкахь бара чевнаш йинарш.


 


 

Читайте на сайте