World News in Chechen

Якутехь гIалгIачуьнгара деши а, дети а даьккхина

Якутехь лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо, Iедалца догIуш доцуш 67 миллион соьманна деза металл лелорна, хаамбо ТАССС агенталло.


Хьостан информацица, 56 шо долу и стаг лоцуш цуьнан машенчохь гучудаьлла 29 кила деши а, 2,8 кила дети а. Кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна цунна.


Схьадаьккхина деши а, дети а пачхьалкхан доладаьккхина.

Читайте на сайте