World News in Chechen

Калининградерчу колонехь тутмакхна йиттина белхахо дIалаьцна кхело

Шен бакъонел а тIехваьлла, Iазап лелорна шеконашца дIалаьцна Калининградан кхело тутмакхийн колонехь кхерамзаллан декъан куьйгалхочун гIовс лаьттина Хакимов Даврон. Талламчийн версица,  кху Iай ФСИН-ан муьлш бу къастазчу белхахошца цхьана цхьахволчу тутмакхна йиттина хилла цо, цуьнан 10 пIенда а кагбеш.


Зазадоккхучу-баттахь бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Амма оцу юкъанна балхара мукъаваьккхина ца хиллера Хакимов, ша дIалаццалц декхарш кхочушдинера цо.


Регионерчу ФСИН-ан куьйгалхочо дIахьедина, нагахь кхело иза бехкехилар тIечIагIдахь, шаьш балхара дIавоккхур ву аьлла.


 


 

Читайте на сайте