World News in Chechen

Уггар а могуш бераш Нохчийчохь билгалдевлла

Уггар а унах цIена бераш долу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчоьнан могушаллин министралло. 14 шаре кхаччалц болчу кегийрхошлахь уггар а могуш бераш Нохчийчохь ду.


Цунах хаамбо RT (Russia Today) агенталло министраллан хьосташна тIе а тевжаш.


Иштта, могушаллица къаьстинчу регионашлахь шолгIачу меттигехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь, тептарехь кхолгIачу могIарехь дIатаръелла Тыва Республика, цунна тIаьхьа Адыгея, тIаккха Буряти.

Читайте на сайте