World News in Chechen

Путинан цIарах дзюдон центр йоьллур ю Соьлжа-гIалахь

Соьлжа-ГIалахь йина йолуш лаьтта ши шо хьалха йолийна Путин Владимиран цIарах дзюдон центр.


Карарчу заманахь корпус хьалайоьттина бовлуш лаьтта белхалой, цул тIаьхьа гIишлон чоьнаш куьце а  ялийна, гIирс дIахIоттийчхьана довлу аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтактерчу" агIонехь.


Ши шо хьалха дуьххьара тIулг буьллуш хIоттийначу бараме веанчу мехкан куьйгалхчоо дIахьедира, пачхьалкхехь а уггар тоьллачех хир йолуш ю комплекс, дуьненаюкъарчу стандарташца юста а йиш йолуш, аьлла.

Читайте на сайте