World News in Chechen

Генетикан паспорташ декъна Нохчийчохь

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу шерашкахь доьза байначийн гергарчарна 86 генетикан паспорт делла. Махкарчу зорбан министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам.


Цу кепара паспорт эцархьама Нохчийчуьрчу кхелан экспертизан Бюро цIийн анализ яла еза. Оцу билгалошна тIехь Москох говзанчаша генетикан паспорташ кечдо. 


2013-чу шарахь дуьйнна дала долийна Нохчийчохь генетикан паспорташ.


Официалан терахьашца Нохчийчохь тIеман заманахь вайнарг 3 эзар сов стаг ву, ткъа бакъонашларъярхоша чIагIдарца, и терахь кхин а лакхара ду.

Читайте на сайте